Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь

ХІара таптар Википедийара ду

Перейти к: навигация, Лахар
Беттан таптарш
Нохчийн Республика Ичкерия
Нохчийчоь
Нохчи байракх Герб нохчийн
Байракх нохчийн Герб нохчийн
Къоман девиз: «1ожалла я маршо»
Къоман гимн нохчийн Сурт:Loudspeaker.svg
Суверенитет яккхан дата 6 сентябрь 1991
Мотт Нохчийн
Коьртан гIала Соьлжа-ГIала (Джохар-ГIала)
Якхи гIалнаш Соьлжа-ГIала, Гьумс ГIала
Іедалан кеп
Президент Заки lахьмад
Латта
  • Шадег
  • % Хин дакъа
 
15 300 км²
0,5
Бахархой
  • Шадег (2002)
  • Зоьрталалла
 
1 141 300
59,1 адам/км²
Ахч Нахар
Интернет-домен .ce
Телефонийн код +-
Хан UTC+3


Цунна Нохчийн Республика, лeла кхузахь
Хьуна еша назма «Нохчийчоь» Али Димаевара лаьара?

Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь Къилбседа Кавказехь а йолуш, Европийн къилб-малхбалехьар мохк бу. Къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбехьа Гуьржехац, къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбседехьа юха а Российца дозанаш ду. Пачхьалкхан йерриге йоккхалла 17.600 км. Пачхьалкхан латта мехка хьолаца лаьмнийн, арен декъашка декъалуш ду. Уггаре лекха бохь Тебул-Мате лам (Тебулос-Мта) (4512м) лам бу. Махкахь дуккхах долу лаьмнаш юькъа хьаннех дойла ду. Коьрта хиш: Терк, Соьлжа, Орга, Ӏасса, Марта, Къоьзан-Ӏам. Ӏаламан-лаьтта бахам: Мехк-даьтта, газ, деши, дети.

Латтор

[xийца] Нах-бахархой

Нохчийчохь 1998 шарахь 1210 150 адам дехаш дар. Карахь йолчу хенахь бахархойн терахьалла хууш дац, Российца болу тӀом бахьан долуш. Бахархойн йоккхалла Нохчех кхоллалуш ю (99%). Кхин долу къаьмнаш: Туркой (0,1%), ногӀий (0,6%), суьлий (0,2%), жуьктий (0,1%). Нохчийн мотт Пачхьалкхан мотт бу, иштта кхи д1а: Ӏаьрбойн, ингалсан, гӀазакхийн меттанаш даьржина ду. Пачхьалкхан дин Ислам (Сунниташ 99%). Дахаран юкъера дохала: божарий 69-73, зударий 70-87.

[xийца] Ӏаламан хӀоттам

Ӏаламан-хӀоттам хьокъехь Нохчийчохь ерриге географийн шораллаш ю. Къилбседехьара йекъа аренаш, бакъ йолу гӀамарашка йоьрзий, буьрса мехашца гӀуьтту. Къилбехьа гӀод юкъалца горга шарахь бешаш боцуш ша лаьтта. Лаьмнашкахь Ӏа шийла хуьлу, аьхке гӀехь.

[xийца] Дитташ-бецаш

Ӏаламан-хӀоттам тайп-тайпан хиларо Ӏаламан бахам гойту. Пачхьалкх ехаш ю тайп-тайпан хьаннашций, бецашций. Амма, Российца 1994 шарахь бола беллачу тӀамо, дуккха нагахь бен ца хуьлу бецаш, хьаннаш хӀаллак йина. Мехала дитташ: Поп, поп-наж. Лаьмнашкахь а аренашкахь а Нохчийчохь бен ца йолу дуккха бецаш ю.

[xийца] Акхаройн дуьне

Пачхьалкхан акхарой дуьне чӀогӀа дехаш ду. ГӀа долу хьаннашкахь Нохчийн сира берзалой лела. Иштта кхиа: черчи, чхьахалгаш, акха-цицигаш, акха хьакхарчий, сайш, акха говраш. Даккхий а кегий а олхазараш: аьрзо, хьаргӀа, селасат, оттйокх, гӀарагӀуле, гӀургӀаз, къор кхокха.

Нохчийн Республика Нохчийчоь

[xийца] Пачхьлкхан кеп а политикан тобанаш а

Дийн цӀе - Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь. Пачхьалкхан кеп: Паччахьан Пачхьалкх. Мохк 26 кӀоштане бекъна бу. Коьрта гӀала - Джовхар-гӀала. ТӀехьара бӀе шарахь Нохчийчоьс шен йозуш ца хилар шозза (2) метта хӀотийна, 6 мархи 1991 шо. Къоман дез денош: Марх дастар, Пачхьалкх йозуш яцаран де 6 мархи 1991 шо, Толаман де 6 марс 1996 шо.

Пачхьалкхан куьйгалхо Паччахь, НПН-ан Конституцийца Паччахь премьер-министр а волуш Т1ема-ницӀкъийн коьрта Куьйгалхо ву. Пачхьалкхан коьрта политикан тобанаш: Вайнехан Демократический Парти, Маьрша Нохчийчоь, Нохчийн Дуненаюкъара Фонд-Нохь, НПН-ан йозуш цахилар лар яран АССАМБЛЕЯ.

[xийца] Кхоор

Карахь йолчу хенахь Пачхьалкхан кхооран хьал дацаре дина. Российца болу тӀамал хьалха Нохчийчоь индустроально-аграрни Пачхьалкх яра. Амма, Российс дозанаш къовлар, кхооран дика ца декха делира. Дуккхах йолу промышленни агӀонашках уггаре кхианаш яра: мехк-даьттадакхара, мехк-даьттакхехкоран, дагоран, хьайбанаш лелорн, хьун лелоран, юьрта бахам. Ахча-Нахар. Йохк эцаран коьрта накъостий: Азербайджан, Гуьржех, Турций, Оърс.

[xийца] Нохчийн президенташ

[xийца] Линкаш


Европейн Мехкаш

Австри | Азербайджан¹ | Албани | Андорра | Армени¹ | Белороссе | Бельге | Болгаре | Босни-Герцеговина | Ватикан | Великобритани | Венгре | Германе | Грузи¹ | Дани | Джелтимохк | Ирланди | Исланди | Испани | Итали | Казахстан¹ | Кипр | Косово | Латви | Литви | Лихтенштейн | Люксембург | Македони | Мальта | Молдави | Монако | Нидерланд | Норвеги | Польша | Португали | Россе | Румыни | Сан-Марино | Серби | Словаки | Словени | Турций¹ | Украина | Финлянди | Франце | Хорвати | Черногори | Чехия | Швейцари | Швеци | Эстони

Кхин территорийаш (сувернитет йоцаш): Акротири и Декелия | Аландийн гІайренаш | Гернси | Гибралтар | Джерси | ГІайре Мэн | Нохчийчоь | Фарерийн гІайренаш | Свальбард | Ян-Майен
¹ Азийн a Европейн Мехкаш
порталаш