Чулацаман тӀегӀо

Джамбеков, Овхад Алихаджиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Шаарани Джамбеков тӀера хьажжина кхуза)
Овхад Алихаджиевич Джамбеков

Овхад (ШаӀрани) Алихаджиевич Джамбеков (1949 шеран 17 февраль, ГӀиргӀазойн Советийн Социалистийн Республика2021 шеран 6 март[1]) — нохчийн Ӏилманча а, йаздархо а, филологийн Ӏилманийн кандидат, Нохчийчоьнан а, Российн а йаздархойн тобанийн декъашхо, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн филологийн кафедран доцент. Иза 30 шарахь сов нохчийн фольклор гулйеш ву.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Вина ГӀиргӀазойчохь. Циггахь чекхйаьккхина 1-ра класс. 1957 шарахь цӀавирзина. «Ленинец» газетехь болх бира. Ши шо даьлча иза культурин отделан куьйгалхо хилира. Заочно чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан а, литературин а, оьрсийн меттан а, литературин а факультет. Цо чекхйаьккхира Гуьржийн Ӏилманийн академин Гуьржийн литературин институтехь аспирантура. 2008 шарахь иза хилира филологийн Ӏилманийн кандидат. Цуьнан диссертаци йара «Жанровые и поэтические особенности чеченских героико-исторических песен илли».

Тахана иза ву Исламан университетан филологин кафедрехь болх беш. Цо йазйина дукха книгаш а, статьяш а нохчийн фольклорех а, литературех а лаьцна.

Библиографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Книгаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Статьяш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]