Бамба (орамат)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бамба (орамат)
Gossypium barbadense
Барбадосан бамба (Gossypium barbadense). «Köhler’s Medizinal-Pflanzen» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1887
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Gossypium L., 1753
Синонимаш
Кепаш

хьажа йоза

…йерриг 39-40 кеп

Бамба (лат. Gossypium) — Мальвин (Malvaceae) доьзалан тайпа. Дечиган, бецан, дуккха шерийн, шина шеран, цхьаьна шеран ораматаш, схьадевлла Азин, Америкин, Африкин, Австралин тропикин а, субтропикин а кӀошташкара. Промышленностан масштабашкара культурин кепаш кхиайо дерриг дуьненахь а эханг ден ораматаш санна. КӀадин промышленностан ораматийн тайнийн хьост ду. The Plant List (2013) хаамийн базица, тайпанна йукъатуху 54 кеп[1].

Ботаникин сурт хӀоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бамба тайпанан кепаш — цхьаьна йа шина шеран бецан орамат 1—2 м лекха а йолуш, чӀогӀа геннаш долуш гӀадца. Ораман система чӀун, орам лаьттах боьду 30 см сов, цхьацца сортийн кхаа метре кхочу.

ГӀаш рогӀера, йеха гӀожмаш йолуш, дукха хьолехь 3—5-ларин.

Заза цхьалха, дукха, бес-бесара. Зезаг лаьтта кхаа — пхеа шуьйра чучча летта жаз долу зазанах а, шала пхи церг йолу баьццара кедалгах а, цунна гуонаха йу кхо жаз долу тӀехьарчорг, иза дуккха а йеха йу кедалгал. Дуккха а йолу дургалш вовшаххотта биргӀа хуьлий.

Зазан формула: [2]

Стомбот, наггахь алсама гоьрга, кхечу меттигашкахь овалан, 3—5-декъан, эттӀа неӀарца йохаллехь, цунна йукъахь дуккха а таьӀна-боьра тӀехула кӀеда хьийзина месаш — бамба болу хӀуш. Къастайо шина кепара бамбин месаш. Уьш хила тарло йеха а, кӀеда а йа йоца а, чо болуш а — цунах олу линт, бамбин месаш. ХӀу тӀехь, сорте а, кхиоран хьоле а хьаьжжина хила тарло ший а тайпана месаш, йа йеккъа йеханиш. Акха кхуьучу кепийн йеха месаш йац. Луьста чкъоьро къевлина бамбин хӀун чохь йу зӀийдиг, иза лаьтта жимачу орамах а, шина хӀунан декъах а.

Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бамбин кепаш дукха хилар а, климат, латта хийцаделча чӀогӀа атта хийцайалар а, тайп-тайпана кепаш а, цхьацца меженаш а кхечаьрга дуьхь-дуьхьала дургал иэдарца дехьайалар а бахьнехь, хуьлу керл-керла кепаш. Цундела ботаникаш классификаци йина, Gossypium тайпа Ӏилманийн а, нисса билгалчу кепашца декъа гӀертаро йехачу заманахь аьтту ца баьккхира. Линнейс лорура йерриг 3 – 6 кеп, Парлаторес 7 кхаччалц, Декандола 13 кхаччалц. Цхьаццаммо йагарйора 42, 52, кхин 88 кеп. Кхечара, масала, М. Дж. Ватса, ши кеп бен къобал ца йора: америкин а, азин а, уьш физиологица иэн ца йалало. Ройла коьрта йиъ кеп бен къобал ца йора, цуьнан классификаци йехачу хенахь лорура йуьззина кхачаме.

Схьабалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бамбин культура схьайаларан ши очакх билгалайаккхар тӀеэцна. Диттакепара а, бецакепара а бамбин даймох, хила тарло, ХӀинди. Кхин культурин кепаш — барбадосан а, ма-барра а бамба, тарло, Америкера баьлла хила а, амма цул тӀаьхьа шуьйра баржина хила а.

Генетикин модификацеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бамбин генетикин модификацийн (ГМ) Ӏалашо йу гербицид-толеранталла (ГТ): культурин ораматашна хаъал зулам деш йолу гербицидийн вон Ӏаткъам лахбар, кхин а асарна алсамо эвсара тидам бар. ГМ-бамбина оьшу оригиналан орамател 80 % кӀезга пестицидаш.

Модификацийн шолгӀа агӀо — энтомоцидан, йа инсект-чӀогӀа культураш (ИЧӀ), церан ду зуламе сагалматийн вуон Ӏаткъаманна дика дуьхьала латтар. 2006 шарахь и дуьхьала латтаран чӀогӀалле кхочу цхьаьна хьесапца — Bacillus thuringiensis (Bt) латтан бактерийн ген чуйилларца[3].

ГМ-бамба йукъабалоран динамика АЦШхь, 1996—2004 шераш
1996 1997 1998 1999 2000 2001 2002 2003 2004
ГТ-сорташ, % 2 11 26 42 26 32 36 32 30
ИЧӀ-сорташ, % 15 15 17 32 15 13 13 14 16
ГТ/ИЧӀ-сорташ, % - - - - 20 24 22 27 30
Дерриг ГМ-сорташна бухахь, % 17 26 43 74 61 69 71 73 76
Йерриг майда, млн га 5,9 5,6 5,4 6,0 6,3 6,4 5,6 5,6 5,5

Геральдикехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бамбин сурт ду Узбекистанан, Таджикистанан, Туркменистанан, ГӀиргӀазойчоьнан, ХӀиндонезин, Къилбаседа Македонин, Танзанин, Угандин, кхин а Сент-Винсент а, Гренадинийн хӀосташна тӀехь, Пакистанан а, Анголин а эмблемашна тӀехь.

Цул сов, бамба бу тайп-тайпана мехкийн цхьацца регионийн гӀаланийн, муниципалитетийн, некъийн, кхолламийн хӀосташна тӀехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Gossypium Архивйина 2021-01-12 — Wayback Machine // The Plant List (2013). Version 1.1.
  2. Андреева И. И., Родман Л. С. Ботаника. — 3-е изд., перераб. и доп. — М.: Колос, 2005. — С. 399. — 528 с. — ISBN 5-9532-0114-1.
  3. Мелик-Саркисов С. О. Биотехнология в аграрном секторе США: Экономика развития. — Гл. 5.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]