Берч

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чкъоьран берч
МКБ-10 L84.084.0
МКБ-9 910910-914914, 940.0940.0-949.5949.5
DiseasesDB 1777
MedlinePlus 003239
MeSH D001768

Чкъоьран берччкъоьран деха хьекхадаларан йа Ӏаткъаман жамӀ. Гучудолу чӀагӀйелла областийн кепара (эпителийн клеткаш йалар) — декъа берч; йа берчан ахкарг, чкъоьран лакхарчу декъехь хуьлу хӀесийн тӀуналла — тӀеда берч. ТӀуналла гулло дохийна чкъоьран бухахь, ларйо иза кхин дӀа йохайарх, таро ло цунна тойала.

ТӀуналлица цӀий хала тарло, тӀаккха берчах — цӀийн берч олу. Иштта ахкарг долу, дукхаха дерг, цӀий лела пхенаш берч хилла меттигера чкъоьранна гергахь лаьтташ хилча, ткъа чкъор чӀогӀа даийна а, Ӏаткъам бина а хилча.

Дукха хьолехь берчаш йовлу когашна тӀаьхь готта мачаш хилча, куьйгашца болх бича.

Берчаш ца йовлийтаран хьесапаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шелйелла чкъоьран берч коган тӀехь

Коган тӀера берчаш ца хилийта лело атта, коган тӀехь дика лаьтта мачаш а, пазаташ а лело йеза. Берчаш кхуьу тӀеда дегӀан чкъор тӀаьхь, цундела тӀуналла дӀахӀудийта лело йеза оцу гӀуллакхна мега пазаташ (масала, лерина спортан пазаташ), ткъа мачийн йовхачу хенахь когашна мох кхетийла хила йеза.

Нагахь генна гӀаш некъ бича ладаме ду, мачаш коганна гӀеххьа хилар, ткъа мачаша ког бао болийна (чкъор Ӏийжадо) меттигашкахь, лато мега тӀелета пластырь коганна Ӏаткъам лагӀбан.

Куьйгашна берчаш ца хилийта, белаца, дигарца, херхаца болх беш каранаш лело деза. Кхин а куьйгашца беза физикин болх бечу хенахь (машшаш а, йеза хӀуманаш дӀахилош) куьйгаш лардан деза.

Башха гӀирсаш (масала тальк) лело тарло хьекхадалар лагӀдархьама.

Дарбанан хьесапаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дукха хьолехь берч ша дӀайолу, амма иза дӀайаккха а мега салицилан мусталлица йа хирургин этӀорца.

Терапин бух тӀехь йу дукха химин хӀуманийн кератолитин хьесапаш. Оцу эффекте кхачо хьесапаш йа препараташа кӀаддо берчан хьесий, цуо атта дӀадоккху иза карабогӀучу гӀирсаца йа лерина гӀирсаца.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Мозоль // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.