ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дидигов Мухарбек Ильясан воӀ (вина 1952 шеране 21 октябрехь) — советийн инженер, российн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, ГӀалгӀайчоьнан правительствон председатель (1994—1996), Федерацин Кхеташонан декъахо (2009—2011 а, 2013—2018 а).
Вина 1952 шеран 21 октябрехь Кхазакхийн ССР Целиноградехь (хӀинца — Астана, Республика Кхазакхстан). Ишкол чекхйаьккхира Несарахь (Нохч-ГӀалгӀайн АССР). 1969—1970 шерашкахь болх бира Несарарчу «Электроинструмент» заводехь фрезеровщик даржехь, 1970—1972 шерашкахь Советийн эскарехь вара. 1978 шарахь чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкдаьттан институт «инженер-механик» говзаллийца. 1978—1986 шерашкахь — «Ставропольтехмонтаж» трестан монтажан урхаллин пхьар, лакхара прораб (Тырныауз гӀала, ГӀебартойн-Балкхаройчоь). 1986—1988 шерашкахь ССРС Монтажан а, башха гӀишлошйаран белхийн а министраллин Кавказан арахецаран-Ӏуналлин урхаллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс даржехь вара. 1988 - 1991 шерашкахь вара арахецаран декъан куьйгалхо, цул тӀаьхьа Минмонтажспецстройн (Москох) Кавказан мехкан координацин-хаамийн центран хьаькаман гӀовс. 1991 шарахь ССРС Министрийн Кхеташонера Халкъан бахаман академи диплом делира. 1991—1993 шерашкахь вара Кавказан мехкан монтажан комплексан министраллин (Нальчик) хьаькаман гӀовс[1].
Пачхьалкхан совгӀаташ ду[2]: