Чулацаман тӀегӀо

Литературин мотт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

литературин мотт - нийса ларъян езаш норманаш а, бакъонаш а йолу йозанан говза мотт бу. Иза халкъан маттах хуьлуш бу, яздархоша а, поэташа а, Iилманчаша а, хьехархоша а, журналисташа а, артисташа а, литературни критикаша а, гIарабевллачу хьакъалдолчу наха а, йукъараллин деятельша а халкъан мотт шарбеш, нисбеш, тобеш, норманашка, бакъонашка берзош, кхиош, хазбеш.

Хаам[нисйан | нисйан]

Литературни меттан норманашший, меттигерчу меттан дешнашний юкъахь башхо ю. Меттиган маттах диалект олу, ткъа меттигерчу меттан дешнех диалектизмаш олу.

Билгалдахарш[нисйан | нисйан]