Патриархан Ӏаьмнаш

55°45′50″ къ. ш. 37°35′31″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Патриархан Ӏаьмнаш
55°45′50″ къ. ш. 37°35′31″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Пресненский район[d]
Статус  ОТӀО № 7731246000№ 7731246000
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Патриархан Ӏаьмнаш (оьрсийн маттахь Патриаршие пруды)- Москохан Юккъера административан гонан Пресненски кӀоштахь йолу меттиган цӀе. Цуьнан юкъайогӀуш ю микрокӀошт а, Ӏам а, беш а.

Микрорайон Бешан гонан (оьрс. Садовое кольцо) йистехь ю,  Жима Бронни ураман а, Боккха Патриарши а, Жима Патриарши а, Ермолаевски а урамалгийн юккъехь ю.

Паркан майда 2,2 гектар ю, царах 6323 кв.м. некъаш а, майдаш а дӀалоцу, иштта 7924 кв.м. синтарш дӀалоцу.

Ӏоман майда 9900 м² ю, ткъа кӀоргалла 2,5 метр ю.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ширачу заманахь цу меттехь масийтта Ӏаьмнаш хилла. XVII-чу бӀешарахь и меттиг дӀалоцуш Газанан уьшал яра.  И хилар долуш ю иштта топоним. Газанан уьшало цӀерш йелла Йокххачу Козихински а, Жимачу Козихински а урамийн.

Ӏоман генадоцуш гезарий яжош меттиг яра. Церан тӀapгӀa паччахьна латтош яра.

Газанан уьшал чуьра схьадолу Черторый цӀе йолу татол а, иштта Преснин аьрру ши га- Кабанка а, Бубна а. Бубно кхоьллина Москван зоопаркан латтан тӀехь болу Преснин Ӏаьмнаш[1].

XVII-чу бӀешарахь Гермоген Патриархан резиденци яра кхузахь. Уьшал хиллачу меттехь кхоллаелира Патриархан Куп. Цуьнан юкъайогӀуш яра Везачу Ӏазапхочун Ермолайн цӀарах килс а, Сийлахьчу Спиридонан килс а.

1683-чу шарахь Патриарх волу Иоакимас буьйр дира уьшалш якъо а, церан метта чӀерийн Ӏаьмнаш баккха а.

Преснин Ӏаьмнаш чохь уггар лакхарчу сортан чӀерий леладора, ткъа Газанан уьшал чохь- дораха чӀерий леладора.

Кхоъ Ӏомо цӀе йелла Трёхпрудный цӀе йолу ураман (хьалха цуьнан цӀе «Кхоъ Ӏам» («Три прудка») яра)[2].

Патриархалла дӀаяккхарца Ӏаьмнаш дӀатесара, ткъа и латта юхаъ уьшал хӀоьттира.  

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Патриаршие пруды и «нехорошая» квартира Булгакова. Прогулки по Москве (2017). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 17 октябрехь
  2. Патриаршие пруды. Узнай Москву (2014). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 июль.