Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2002

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2002
2002 FIFA월드컵 한국/일본
2002 FIFAワールドカップ 韓国/日本
Чемпионатан логотип
Чемпионатан логотип
Ма-дарра чемпионатах
СовгӀатан меттигаш
Чемпионатан статистика
← 1998[d]
← 1998[d]
2006 →

Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2002 — 17-гӀа футболех ловзаран дуьненан чемпионат. ДӀаяьхьира 2002 шеран 31 майра 30 июнь кхаччалц Къилба Корейн а, Японин а аренашкахь.

Ишттачу масштабера къовсам дуьххьара дӀабаьхьира Азехь, кхин а дуьххьара шина махкахь. Чемпионат дӀаяхьаран меттиг харжаран сацам бира Дуьненайукъара футболан федерацис (ФИФА) Цюрихехь, 1996 шеран майхь (юьхьанца, ткъа оцу шеран ноябрехь — чеккхенца). Юьхьанца турнир дӀаяхьаран бакъо шина мехкан яра — Къилба Корейн а, Японин а, ша-ша. Амма 1996 шеран 31 майхь, иштта а шина мехкан йукъара Ӏоттаделла хьал ира ца дархьама, ФИФА конгрессо «Сулим паччахьан» сацам бира, шинне кховдам цхьаьнатоьхна, оцу харжаман дуьхьала берш а болушехь, масала, оцу хенан ФИФАн президент Авеланж Жоао. Дуьненан чемпионат 2002 дика чекхъяькхина йолушехь, кхин дӀа ФИФАс кхайкхийра, кхин дагахь ца хилар турнираш цхьаьна ян шен куьйга кӀела. ТӀаккха а 2018 шарахь ФИФАн конгрессехь сацам бира дуьненан чемпионат 2026 дӀаяхьа 3 махкахь: АЦШхь, Канадехь, Мексикехь.

Официалан турниран буьрка — Adidas Fevernova.

Кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исбаьхьаллин кхолламашкахь
и/ф Къилбаседан дозанан аса (Респ. Корей, 2015)[1]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]