Чулацаман тӀегӀо

Хамидов, Баудин Хожаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хамидов Баудин Хожаевич
ГӀуллакхан тайпа бизнесмен

Хамидов, Баудин Хожаевич (1958 шеран 9 апрель, Агадырь, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС) — геологин-маьIданийн Iилмийн кандидат[1]. Къоман нохчо, тайпана аргIано.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бауди вина 1958 шарахь Кхазакхийн ССР Карагандан областера Агадырехь. 1975 шарахь цо чекхйаьккхира № 1 йолу Горагорскан йуккъера ишкол. 1980 шарахь чекхйаьккхира И.М.Губкинан цӀарах йолу маьхкдаьтта-химин а, газан а промышленностан институт геологи а, маьхкдаьтта, газ йоллу меттиг талларан говзаллица. Геологин-маьӀданийн Ӏилмийн кандидат. 1981—1996 шерашкахь болх бира «Грознефтехь», цигахь некъ бира лакхарчу геолог даржера маьхкдаьтта а, газ а йаккхаран «Горскнефть» урхаллин хьаькам дарже кхаччалц. 1996—1997 шерашкахь — «ЮНКО-Грознефтеоргсинтезан» генералан директор вара. 1997—1999 шерашкахь — «ЧеНеКо-Нефтепродуктан» генерал директор, Къилба маьхкдаьттан компанин генералан директоран маркетингехула волу гӀовс, маркетинган вице-президент белхаш бира. 2000—2004 шерашкахь — ОАО «Грознефтегазан» инарлин директор. 2004—2007 шерашкахь — ОАО "НК «Роснефтан» оперативан урхаллин а, мониторинган а департаментан директоран хьалхара гӀовс, маьхкдаьттагазйаккхаран департаментан директоран хьалхара гӀовс. 2007—2015 шерашкахь — ООО "Компания «Полярное Сияние» генералан директор. 2016 шеран мартера 2017 шеран август кхаччалц — ПАО АНК «Башнефтан» оперативан урхаллин департаментан директоран гӀовс[2]. 2017 шеран августехь ПАО АНК «Башнефтан» директорийн Кхеташонан ДаржехӀотторан а, совгӀатдаран а комитето магорца чӀагӀдина Хамидов Баудин ООО «Соровскнефтан» генералан директоран дарже хӀоттор[3]. СовгӀаташ: Сийлаллин Орден[4] (2005 ш.), Сийлахь маьхкдаьттадаккхархо.

Хамидов Баудин орденан кехат
Сийлаллин орден

Доьзалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ши кIант, ши йоI.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]